Lingua   

Йист

Beqan / Бекхан
Lingua: Ceceno


Beqan / Бекхан


Саца а йист йоцуш, некъ бина велир.
Бакъонца малхане вирзина велир.
Дог бухахь юьзна йоьхь таккхина велир со,
Б1е шерахь бина мохь таккхина велир со.
Дог бухехь юьзна йоьхь таккхина велир со,
Б1е шерахь бина мохь таккхина велир со.

Вай къастадан дезаш дуй ца хууш хилла со.
Вайн къастар долуш дуй ца хууш хилла со.
Нах бууш нах буйла ца хууш хилла со,
Нах баар хьакъ буйла ца хууш хилла со.
Нах бууш нах буйла ца хууш хилла со,
Нах баар хьакъ буйла ца хууш хилла со.

Делчу дег1ахь ч1уг яккхарн каш даста волу со,
Лергахьа х1оз баккха каш даста волу со,
Сан негошна шозлаг1а г1ад даккха волу со.
Аш сайна даьккхина каш даккха волу со...
Сан негошна шозлаг1а г1ад даккха волу со.
Аш сайна даьккхина каш даккха волу со...

Доккхачу дуьненахь ц1ий-шурий кхийссина,
Д1адекхар-схьадекхар, кхерамаш тийсина...
Саца а йист йоцуш, некъ бина велир,
Бакъонца малхане вирзина велир...
Саца а йист йоцуш, некъ бина велир
Бакъонца малхане вирзина велир...



Pagina principale CCG

Segnalate eventuali errori nei testi o nei commenti a antiwarsongs@gmail.com




hosted by inventati.org